Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение «Наурский государственный колледж»

НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕ!

25.04.2020
Хьоме махкахой! Даггара декъалдан лаьа вай массо Нохчийн меттан денца! Буьйцу мотт хаза болчу халкъан дахар а хуьлу ирсе. Мотт – иза къоман юхь ю, цуьнан сибаташ а, куьцаш а хаздеш, даздеш болу г1ирс бу. Муьлхха а къам схьалаьцча, цуьнан иэс дуьйцу матто, оцу къоман адамийн дуьненга болу тешам а, х1оттам а гойту. Т1екхуьу чкъор а кхиадо сийлаллица, бартаца, машаре. Баккхийчеран а дегнаш хьосту мерза олучу дашо, и цхьаъ бен дацахь. К1езиг х1ума дац и мотт хьахош «ненан мотт» алар. Цуьнца ю ненан йовхо, марзо, к1едачу куьйгийн эшар, комаьршачу деган аз, сирлачу б1аьргийн нур. Иштта, дайшкара доьзалшка а боьрзуш, беха и сийлахь мотт! Ткъа вайн мотт къоман коьрта декъех цхьа дакъа ду, шеца хоттаелла геннара схьайог1уш истори а йолуш. Дуккха а диканаш, вонаш гина вайн халкъана, махках даьккхина, даржийна а лелийна, т1еман халонаша а зийна, амма, мел къиза хало, я мацалла, синан къелла т1ех1оттарах, яхь, 1адат, дин, мотт лардина вайнаха. Иштта лерам беш, безаш, хаза буьйцуш вайн дайша и лелабарна цуьнан лерам, цуьнга болу безам кхин а совбоккхуш, вайн мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Нохчийн меттан де аьлла ц1е а луш, билгалдаьккхина апрель беттан 25-г1а де. И терахь ду нохчийн меттан сий лакхадоккхуш, къомана цуьнан мах хоуьйтуш юкъадаьккхина. Нохчийн меттан денца ас декъалдо шу, хьоме вежарий, йижарий! Везачу Аллах1а Шен диканах а, къинхетамах ма дохийла вай кху дуьненахь, эхартахь! Вайн мотт ларбан а, цуьнах ирс эца а, даккхийдарца и 1алашбан а аьтто лойла вайна Аллах1а! Нохчийн Республикан Муфти Межиев Салахь-хьаьжа